Второзаконие

1

ХІара дешнаш Муса-пайхамаро аьлла дара массо а исраилхошка, Йордан-хина малхбузехьа йолчу яьссачу аренгахь, Іариба-тогІи чохь, Суп олучу меттигна дуьхьал уьш болчу хенахь. Цигахь цхьана агІор Паран-аре яра, ткъа Тупал а, Лабан а, Хьацерут а, ДизахІаб а вукху агІор яра.

2

(СеІир-лаьмнашкахула воьдуш, Хьарибара Кхадеш-БарнаьІе боьду некъ дукхахьолахь цхьайтта дийнахь баллал бу.)

3

ШовзткъалгІачу шеран цхьайтталгІачу беттан хьалхарчу дийнахь бинера Муса-пайхамаро хІара хьехамаш массо а исраилхошна. Цо дийцинарг дерриг а Везачу Эло царах шайх лаьцна тІедиллинарг дара.

4

Хьешбон-гІалахь олалла деш хиллачу эмархойн паччахьна Сихьонна тІехь а, Іаштарат-гІалахь а, ЭдреІи-гІалахь а олалла деш хилла волу Башан-мехкан паччахьна ІовгІина тІехь а Мусас толам баьккхинчул тІаьхьа дара иза.

5

Йордан-хина дехьа болчу муабахойн махкахь, исраилхой хІокху товрат-хьехамах кхето дІаволалуш, Муса-пайхамаро иштта аьлла:

6

«Вайн Везачу Дала, вайга Хьарибехь Ша вистхуьлуш, иштта элира: „Тоьар ду шуна хІокху ламан уллохь севцина Іан!

7

Хьала а гІовттий, новкъа довла, дІагІо лаьмнашца болчу эмархойн махка а, гонах мел долчу къаьмнийн меттигашка а: Іариба-тогІене, лаьмнашка, малхбузерчу акъарешна тІе, НегІаб-аренга, хІордан йистошка. КанаІанхойн махка а, сийлахьчу Эпрат-хина тІекхаччалц Ливанун-махка а дІагІо.

8

ХІара латта Ас хІинца шуна дІалуш ду. Чу а гІортий, шайн дола даккха и латта, хІунда аьлча Везачу Эло шун дайшна, – ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а, – царна тІаьхьа йолчу церан тІаьхьенна а дІалур ду аьлла ваІда дина латта ду иза“».

9

«Аса оцу хенахь шуьга иштта элира: „Суна сайна шу лело хала ду.

10

Шайн Везачу Дала шу дебийтина, хІинца шу, стигалара седарчий санна, дукха ду.

11

Шун дайн Везачу Дала шу хІинца долчул кхин а эзарза деба а дебийтойла, декъал а дойла, шуьга Ша ма-аллара.

12

Амма шун халонашший, шун баланийн моххьий, шун девнашший ас-айса муха дІакхоьхьур ду?

13

Шайн-шайн тайпанашкара хьекъале а, кхетаме а, зийна а болу нах схьахаржа. ТІаккха ас уьш, шуна тІехь хьаькамаш а бина, дІахІиттор бу“.

14

Аша соьга жоп делира: „Дика гІуллакх юкъадалийна ахь“, – аьлла.

15

Ас шун тайпанашкара уггар а хьекъаленаш, кхетаменаш, зийнарш схьа а эцна, шуна тІехь хьаькамаш хила дІахІиттийра: эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь болу хьаькамаш. Важа нах ас, тІехьоьжурш а бина, дІахІиттийра шун тайпанашкахь.

16

Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гІуллакхашка ладогІа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тІевеанчуьнца и гІуллакх доьзна делахь.

17

Кхел ечохь озабезамаш ма бе, лараме боцучара а, цІеяханчара а бохучун тергам бе. Муьлххачу а адамах ма озало, хІунда аьлча кхел – Делан гІуллакх ду. Кхел ян шайна хала хета гІуллакх суна тІе схьада, ас ладугІур ду цуьнга“.

18

Аса хІетахь шуна тІедиллира аша дан мел дезарг».

19

«Хьарибара ара а девлла, вайн Везачу Дала тІе-ма-диллара дІа а оьхуш, эмархойн лаьмнашна тІе доьлхуш, шуна гиначу йоккха а, къемате кхераме а йолчу яьссачу аренгахула чекх а довлуш, вай Кхадеш-БарнаьІе кхечира.

20

ТІаккха ас шуьга иштта элира: „Вайн Везачу Дала вайна схьалуш болчу эмархойн лаьмнашна тІе даьхкина шу.

21

Шун Везачу Дала шуна дІалуш ду хІара латта. Шун дайн Везачу Дала шайга ма-аллара, дІа а гІой, и латта шайн дола даккха. Кхера а ма ло, дог доьхна а ма хила“.

22

Амма аша массара а, суна тІе а даьхкина, элира соьга: „Ваьшна хьалхара нах бохуьйтур бу вай, цаьрга и латта таллийтархьама а, вай даха дезаш болчу некъах а, вай тІегІур долчу гІаланех а лаьцна ваьшка хаам байтархьама“.

23

И къамел суна хазахийтира, цундела ас шун хІора тайпанна юкъара цхьацца стаг хаьржира.

24

Уьш, дІа а бахана, лаьмнаш тІе а бевлла, Ашкул-тогІенна тІе а кхаьчна, цуьнга бІаьрг а тоьхна, дІасахьаьвсира.

25

Оцу лаьтта тІера стоьмаш, шайн кара а эцна, вайна схьабеара цара. Вайна хаам а бахьаш, цара иштта элира: „Мел хаза ду вайн Везачу Дала вайна схьалуш долу латта“.

26

Амма шуна цига даха ца лиира. Шу шайн Везачу Дала бохучунна дуьхьалдевлира.

27

Шайн четарш чохь яппарш а еш, аша бохура: „Везачу Эло Шена ца дезарна арадаьхна вай Мисар-махкара, эмархойн кара дІа а делла, хІаллакдархьама.

28

Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гІаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чІагІонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Іаьнакх цІе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“.

29

Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах.

30

Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла воьдуш ву. Цо шуьгахьа тІом бийр бу, Мисар-махкахь шун бІаьргашна гина ма-хиллара.

31

Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“.

32

И дерриг а шайна гуш доллушехь, тІаккха а шайн Везачу Делах ца тешара шу.

33

Иза шуна хьалха ваьлла лелара, шуна совца меттигаш лоьхуш. Иза буьйсанна цІарца хуьлура, шу даха деза некъ шуна гайтархьама, ткъа дийнахь мархица хуьлура».

34

«ТІаккха, шун дешнаш дІахезча, Веза Дела оьгІазвахара. Цо чІагІо йира:

35

„ХІокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваІда дина долу дика латта, – аьлла. –

36

И латта Епунин кІант волчу Килабана бен гур дац. Иза лелла латта Ас цунна дІалур ду, цунна а, цуьнан кІенташна а, иза кхоччуш Веза Эла волчу Суна тІаьхьа хІоттарна“.

37

Шу бахьана долуш Веза Эла суна а оьгІазвахана. Цо элира: „Хьо а вер вац оцу лаьтта тІе.

38

Хьан гІоьнча волу Нунин кІант ЮшаІ вер ву оцу лаьтта тІе. Иза тІечІагІве, хІунда аьлча Исраилан къоме оцу лаьттан дола дойтур ду цо“.

39

Аша царах лаьцна, уьш мостагІийн хІонс хилла дІахІуьттур ду, баьхна долу а, хІинца а дика а, вон а хІун ду ца хууш долу а шун бераш девр ду оцу лаьтта тІе. Ас и латта царна лур ду, ткъа цара иза шайн дола доккхур ду.

40

Ткъа шу, дІа а дерзий, Эрзийн-хІордана тІе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дІагІо.

41

ХІетахь, соьга жоп а луш, аша элира: „Тхайн Везачу Далла дуьхьал къа латийна оха. Цига а дахана, тхан Везачу Дала ма-бохху, тасалур ду тхо“. Шух хІораммо а тІемалочун хуьлучу герзаца гІодаюкъ йихкира. Иза атта а хеташ, лаьмнашна тІе довла сацам бира аша.

42

Амма Везачу Эло соьга иштта элира: „ДІаала цаьрга: ‘Ма довла лаьмнашна тІе, ма бе тІом, шайн мостагІашка шаьш эша ца дайтархьама, хІунда аьлча Со шуна юкъахь хир вац’“.

43

Ас иштта бехира шуьга, амма аша соьга ла ца дуьйгІира. Шу Везачу Элан лаамна дуьхьалдевлира. Шайн юхахьаралла бахьана долуш шу лаьмнаш тІе девлира.

44

Оцу лаьмнашна тІехь бехаш болу эмархой дуьхьалбевлира шуна. Цара шу, накхармозаша дийриг а дина, лаьхкира. Цара шу эшадора СеІир-лаьмнашкара ур-атталла Хьормина тІе кхаччалц йолу меттигашкахь.

45

ТІаккха, юха а дирзина, Везачу Элана хьалха дилхира шу. Амма Везачу Элана шун маьхьарий а ца хезира, Цо шун тергам а ца бира».

46

«Иштта, дикка хан яьккхира вай Кхадешехь».

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.