Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14

1

Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгІачу шеран борхІалгІачу баттахь Іидун кІант волчу Барак-ЯхІун кІанте Закри-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элан хІара дош кхечира:

2

«Веза Эла волу Со шун дайшна буьрсачу луьраллица оьгІазвахана.

3

ХІинца ахь, Закри-ЯхІу, нахе иштта дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Суна тІедерза, тІаккха Со а шуьгахьа воьрзур ву.

4

Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тІера а, шайн зуламечу гІуллакхашна тІера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугІура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, – боху Везачу Эло.

5

Шун дай – уьш мичахь бу? Пайхамарш а бехар буй те даим?

6

Сан ялхой болчу пайхамаршкахула Ас тІедиллина долу Сан дешнийн а, парзийн а тергам ца бина дела, шун дай жоьпе озийна! ТІаккха шун дай Суна тІе а боьрзура, цара иштта а олура: „Массо а ницкъийн Везачу Эло, тхан некъашка а, тхан гІуллакхашка а хьаьжжина, Ша тхуна дан билгалдаьккхинарг дина тхуна“».

7

ЦхьайтталгІачу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь – иза шабат олу бутт бу, – Дари-Ваша-паччахьо куьйгалла дечу шолгІачу шарахь Іидун кІант волчу Барак-ЯхІун кІанте Закри-ЯхІу-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира.

8

Буьйсанна хІара сурт хІоьттира суна: расхачу динна тІехиъна Іаш волчу беречо боьранехь йолчу коьллашна юкъахь дин сацийнера. Оцу динна тІехьа кхидолу дой дара – расха а, сира а, кІайн а беснаш долу.

9

Ас хаьттира: «Сан олахо, уьш муьлш бу?» – аьлла. Соьца къамел деш долчу малико элира: «Ас гойтур ду хьуна уьш муьлш бу».

10

Коьллашна юкъахь волу бере вистхилира: «Уьш Везачу Эло массо а лаьттахула дІасалела а, тергам бан а бахийтинарш бу», – аьлла.

11

Цара коьллашна юкъахь расхачу динна тІехиъна Іаш долчу Везачу Элан Малике иштта жамІ дира: «Тхо лаьтта тІехула дІасалийлира, ткъа дерриг а дуьнен тІехь адамаш гІорасиза а, муьтІахь а ду».

12

Везачу Элан Малико элира: «Массо а ницкъийн Веза Эла! Мел Іийр ву те Хьо оьгІазвахана, Ярушалайм-гІаланах а, ЯхІуд-мехкан гІаланех а къинхетам ца беш, Ахь царна таІзар дина кхузткъе итт шо даьллашехь?»

13

ТІаккха, малике жоп а луш, Везачу Эло дика а, дог тедеш долу а дешнаш элира.

14

Соьца къамел деш долчу малико соьга хІара элира: «ДІа а кхайкхаде, дІа а ала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Ярушалайме а, Цийоне а болчу боккхачу безамах вуьзна ву Со.

15

Инзаре йоккхачу дераллица оьгІазвахана Со паргІат дехачу дегалчу халкъашна, хІунда аьлча Сайн халкъана Ас лерина йолу оьгІазло кІезиг хиллехь а, Аса шайгахула таІзар дайтича, цара Суна лиъначул а сов ницкъ бина Сан халкъана’.

16

Цундела Везачу Эло иштта боху: ‘Со Ярушалайм-гІала юхавоьрзур ву, цунах къинхетам бархьама. Цигахь Сан цІа юхаметтахІуттур ду – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Ярушалайм-гІаланах чекхъер ю латта дусту тІийраг’“.

17

Кхайкхош, кхидІа а дІаала: „Везачу Эло иштта боху: ‘Сан гІаланаш юха а хьолах юзур ю. Везачу Эло юха а Цийон-ломан дог а оьцур ду, Ярушалайм-гІала къастор а ю’“».

18

Юха, сайн бІаьргаш ас хьалахьажийча, суна йиъ маІа гира.

19

Соьца къамел деш долчу малике: «Уьш хІун ю?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга жоп делира: «Уьш ЯхІуд-мехкан а, Исраил-мехкан а, Ярушалайм-гІалин а нах дІасабаржийна долу дуьненара нуьцкъала халкъаш ду», – аьлла.

20

Цул тІаьхьа Везачу Эло виъ аьчк-пхьар гайтира.

21

«Уьш хІун дан схьабогІуш бу?» – аьлла, хаьттира ас. Цо соьга иштта жоп делира: «МаІаш йолчу оцу халкъаша ЯхІуд-мехкан бахархой дІасалаьхкина, цхьа а адам корта хьалаайа ца даьххьачу кепара, ткъа хІорш уьш кхеро схьабаьхкина, яхІудхошна дуьхьал маІаш хьалаайъинчу халкъийн маІаш йохийна дІаяхархьама».

© 2018 Дом Молитвы. Христианская Интернет Миссия.